Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юсуп волчу воьдуш, шел хьалха ЯхІуд вахийтира Якъуба, ГІашане боьду некъ хаархьама. Уьш цига дІакхаьчча, аш ала деза: „Тхайн дайша санна, кегий долуш дуьйна даьхни лелош ду тхо!“ ТІаккха ГІашан цІе йолчу махкахь даха охьаховша бакъо лур ю шуна, хІунда аьлча мисархошна Іуй ца беза». ПирІунна тІе а вахана, Юсупа элира: «Сан да а, вежарий а шайн даьхница а, бахамца а, КанаІан-махкара схьа а баьхкина, ГІашанехь бу хІинца».
Выбор основного перевода