Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юсупа элира цаьрга: «И хІун ду аш динарг? Со санна волчу стагана муьлхха а хІума, пал тесча, хуур дуй ца хаьа шуна?» Шеца цІий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, адамийн синош тІедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гІерташ верг. ХІунда аьлча Везачу Элана боьха хета и гІуллакхаш лелош берш, цундела шуна хьалхара дІалохку Цо и халкъаш, церан боьха гІуллакхаш бахьана долуш. Шайн Везачу Далла хьалха цІена хила». «Аш дІалохкур долчу цу халкъаша пал тосучаьрга а, бозбунчашка а ладугІу, ткъа шун Везачу Дала шуна иза дан пурба ца делла.
Выбор основного перевода