Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Коч евзинчу дас элира: «ХІара сан кІентан коч ю! Иза экхано виъна! Юсуп цистина дІаваьккхина». Амма цара жоп делира: «ХІан-хІан, тхан доьзалехь шийтта ваша вара, КанаІан-махкахь Іаш волчу цхьана дех схьаваьлла. Жимаха верг хІинца деца ву, ткъа цхьаъ кхелхина». Амма Якъуба элира: «Сан кІант хьоьца цига гІур вац, цуьнан ваша велла, иза ша висна. Нагахь новкъахь цунна цхьаъ хилахь, соьга иза лан лур дац, сингаттамехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша». ЯхІуда элира шен дега Исраиле: «Ахь кІант соьца ваийтича, тхо оцу сохьта дІагІур дара, тхо а, вайн бераш а лечуьра кІелхьардаха. И кІант къаьсттина дукхавезаш, цунна чу са диллина ву тхан да. Цундела иза а воцуш тхо цІа гІахь,
Выбор основного перевода