Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха цара, бож а йийна, цуьнан цІий хьаькхира Юсупан куча тІе. Юха, и коч шайн дена тІе а яьхьна, цара элира: «ХІара карийна тхуна. Хьажахь, хьан кІентан юй хІара?» Коч евзинчу дас элира: «ХІара сан кІентан коч ю! Иза экхано виъна! Юсуп цистина дІаваьккхина». Шена тІера бедарш а этІийна, Іаьржа духар а дуьйхина, дуккха а деношкахь кІантах белхар дира Якъуба. Массо а цуьнан кІентий а, йоІарий а иза теван гІертара, амма иза тен дагахь вацара: «Сайн кІантана сагатдеш, эхарта дІагІур ву со», – бохура цо. КхидІа а белхар дира дас.
Выбор основного перевода