Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вай кха тІехь цІевнаш доьхкуш дара. ЦІеххьана сан цІов, айа а белла, дІанисбелира, шун цІевнаш, цунна гонах а хІиттина, цунна охьатаьІира». Вежарша элира цуьнга: «Хьо паччахь а хилла, тхуна тІехь куьйгалла деш хир ву моьтту хьуна?» Цуьнан гІан а, иза дийцар а бахьана долуш кхин а чІогІа ца вийзира царна иза. Ас сайн цІенна тІехь куьйгалла дан хІоттаво хьо, дерриг а сан халкъ хьан омранаш кхочушдеш хир ду. Паччахьан дарже хьаьжна бен, со хьол лакхара хир вац». ПирІуно элира Юсупе: «Хьажалахь, ас берриг а Мисар-махка тІехь куьйгалла дан хІоттаво хьо». Цо шен пІелга тІера схьадаьккхина мухІар Юсупан пІелга тІе доьллира, дуткъачу кІадинах дина духар цунна тІе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зІе оьллира. Шен шолгІа гІудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирІуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирІуно Мисар-махка тІехь куьйгалхо хІоттийра Юсуп. ПирІуно элира Юсупе: «Со пирІун ву, амма берриг а Мисар-махкахь хьан бакъо йоцуш цхьа а меттахвала а ваьхьар вац».
Выбор основного перевода