Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьйса яккха севцича, вежарех цхьаммо галин бертиг яьстира вирана хІоъ бала дагахь. Цунна гали чохь шен детин ахча карийра. ХІинца доьлхуш шозза сов дато ахча хьо, хьалха шаьш цІа деанарг а юха дІахьо: иза цхьана гІалатца галдаьлла хила мега. СовгІаташ а, хьалхачул шозза сов дети а, Бен-Яман а схьа а эцна, сиха Мисар-махка дІабахара вежарий. Уьш, дІа а кхаьчна, Юсупна хьалха хІиттира.
Выбор основного перевода