Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адаман цІий Іанорна Соьга жоп дала деза, цу цІийна чохь са долу дела. ХІора стага а жоп дала деза ша адаман Іанийначу цІийнах, муьлххачу акхароша а жоп дала деза, шаьш адаман цІий Іанийча. Цхьана стага адаман цІий Іанийнехь, цуьнан цІий а Іанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цІий Іанийна дела. И къамел хезча, Юсуп кІелхьарваккха луучу Раабана элира: «ХІан-хІа, иза вуьйр вац вай». Кхин а элира цо: «ЦІий ма Іанаделаш. Яьссачу арара оцу гІуна чу кхосса иза, амма цунна тІе куьг ма айа». Царах иза кІелхьара а ваьккхина, да волчу дІавахийта лууш вара Раабан. Юаш-паччахьна дага ца деара Закри-ЯхІун дас ЯхІу-ЯдаІа шена дина долу дика. ЯхІу-ЯдаІан кІант вийра цо. Закри-ЯхІус ша лечу хенахь элира: «Везачу Элана хІара дІа а гойла, Цо хьо жоьпе а озавойла!» Ша латийна массо а къинош хьанна го? Сан къайлаха долчу къинойх цІанвехьа Ахь со. ХІокху тІаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Іанийна долу массо а пайхамаран цІий хоттур ду: Хьабулна тІера Делан цІенний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхІуний тІе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а.
Выбор основного перевода