Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен веше йолу марзо лачкъорхьама, сихха ара а ваьлла, цхьа а воцучу меттехь вилхира иза. Шен ваша Бен-Яман, мара а воьллина, вилхира иза, Бен-Яман а вилхира цуьнца. Массо а ваша мара а вуллуш, царна барташ а дохуш, воьлхура Юсуп. Цул тІаьхьа вежарша цуьнца къамел дира. Нуьцкъалчу Дала гІо дойла шуна, мехкан куьйгалхочунна хьалха шу хІиттича, шун вукху вешина а, Бен-Яманна а шуьца цІа ван пурба лойла Цо. Нагахь санна берех вала суна доьгІнехь, царах волийла со». Ялхочо жоп делира: «Шу кхера оьшуш хІумма а дац. Шун а, шун ден а Дала делла шуна галеш чохь карийна ахча, ткъа ас шуьгара дато ахча хьалха шу даьхкича схьаийцира». Цул тІаьхьа цо уьш болчу ШимІа схьавалийра.
Выбор основного перевода