Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо юург шена хьалха охьахІоттийча, Амнана, Тамара катоьхна схьа а лаьцна, элира: «Охьайижа соьца, сан йиша». цундела со хьуна дуьхьал араяьлла. Хьо лоьхуш лелара со, ткъа хІинца схьакарий суна хьо. Ас сайн метта тІе исхарш тесна. Мисар-махкара деана тайп-тайпанчу басахь долу кІадеш ду уьш. Аса сайн метта тІе духІиш а, сарап а, кхечу тайпана хаза хьожа йогІу хІуманаш а тоьхна. Вало, Іаббалц безаман кад муьйлур бу вайшимма! Вовшех марзо а оьцуш, сахиллалц Іийр ду вайшиъ, хІунда аьлча сан майра цІахь вац: иза беха некъ бан араваьлла. Цо шеца ахча чохь долу бохча схьаэцна, цундела иза бутт буьзча бен цІа вогІур вац».
Выбор основного перевода