Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абу-Малика а, цуьнан тІеман хьаькам волчу Пихала а элира ИбрахІиме: «Ахь дечу массо а хІуманна тІехь хьоьца Дела ву. Со хьоьца ву, Ас Іалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХІокху лаьтта тІе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дІатесна вуьтур вац». Цуьнан хІусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гІуллакхаш тІехь гІо деш Иза хилар а. Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хІара дикачу агІор гайтира Везачу Эло. Цунна ша тІедиллинчу гІуллакхна сагатдан ца оьшура набахтин коьртачу хьаькамо, хІунда аьлча, Юсупан массо а хІуманна тІехь аьтто беш, Веза Эла вара цуьнца. Ялхошна юкъахь волчу цхьаммо элира: «Байтлахам-гІалара волчу Юшайн кІант гина суна. Цунна дечиган пондар лакха а хаьа, иза ша майра а, вистхилар хьекъале долуш а, чІогІа товш стаг а ву. Цуьнца Веза Эла а ву». Дауда ша мел деш долу гІуллакх кхиамца дора, хІунда аьлча Веза Эла цуьнца вара.
Выбор основного перевода