Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И жима стаг катоьхна схьа а лаьцна, цунна оба а яьккхина, нисса цуьнан бІаьргаш чу а хьоьжуш, цо элира: «Ас тахана бертан сагІа даьккхина, сайна тІедиллинарг кхочуш а деш. Со йолчохь оцу сагІанах долу жижиг ду, цундела со хьуна дуьхьал араяьлла. Хьо лоьхуш лелара со, ткъа хІинца схьакарий суна хьо. Ас сайн метта тІе исхарш тесна. Мисар-махкара деана тайп-тайпанчу басахь долу кІадеш ду уьш. Аса сайн метта тІе духІиш а, сарап а, кхечу тайпана хаза хьожа йогІу хІуманаш а тоьхна. Вало, Іаббалц безаман кад муьйлур бу вайшимма! Вовшех марзо а оьцуш, сахиллалц Іийр ду вайшиъ, хІунда аьлча сан майра цІахь вац: иза беха некъ бан араваьлла. Цо шеца ахча чохь долу бохча схьаэцна, цундела иза бутт буьзча бен цІа вогІур вац». Къарвечу дешнашца и жима стаг къарвира цу зудчо. Шен эсалчу къамелца иза цуьнга Іеха а велира. Иза цу зудчунна тІаьхьахІоьттина вахара, урс хьакха дІабуьгуш болу сту ма-баххара, гур чу воьду сонтаниг санна, шен доІахах суй санна кхуссу пха чекхбаллалц. Иза вара речІанна тІедоьдуш долу олхазар санна – иза ца кхетара шен дахар Іожаллин кхерамехь хиларх. Ткъа хІинца, сан кІентий, соьга ла а догІа, аса бохучун тидам а бе. Ишттачу зудчун некъаш тІе ма дерзийта шайн дегнаш, цуьнан некъаш тІехь тиладелла ма лела.
Выбор основного перевода