Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІума яа охьахевшича, царна гира ГалІад цІе йолчу меттера эмкалийн къепалца богІу ИсмаьІалан тІаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогІучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш. ИсмаьІалан тІаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тІехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гІуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дІавигира. Ткъа цу хенахь маданхоша Мисар-махкахь пирІунан гІаролан хьаькам волчу Патипарна воьхкира Юсуп. Дала мацалла хІоттийра лаьтта тІехь, церан дисна напха а хІаллакдира Цо.
Выбор основного перевода