Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха, ИбрахІиме схьа а кхайкхина, элира Абу-Малика: «И хІун ду ахь тхуна динарг? Ас хІун вон динера хьуна? Сан пачхьалкх бехке хуьлуьйтур-кх ахь. Соьца ахь динарг деш ма ца хуьлу». НеІалт хилла ю церан оьгІазалла, хІунда аьлча иза буьрса йолу дела, неІалт хилла ду церан дералла, хІунда аьлча иза къиза долу дела. Якъубан тІаьхье йолчохь царна латта хир дац, ас дІасакхуьссур бу уьш берриг а Исраилан махкахула. тІаккха иза цуьнан ден цІийнан неІаре схьаяло еза, гІалин бахархоша цунна тІулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гІуллакх лелийна дела: шен ден цІахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Суна лерина хІуманаш лачкъийна волу стаг а, цуьнан доьзал а, долахь мел дерг а цІергахь дагаде, цо, Везачу Элаца бина барт а талхийна, исраилхошна юкъахь эхье гІуллакх дина дела“». Аса, иза екъа а екъна, дакъош Исраилан халкъ дехаш долчу массо а маьІІе дІасадахьийтира, Бен-Яманан тІаьхьено и инзаре а, сийсаза а гІуллакх Исраилан махкахь дина дела. Амма Тамарас элира: «ХІан-хІа, сан ваша. Ма тоха сох куьг. Исраилан махкахь и санна долу хІума лелош дац. И сонта хІума ма де. Шена и хІума дІахиъча, Дауд чІогІа оьгІазвахара.
Выбор основного перевода