Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь маре яхаза йоІстаг Іеха а йина, цуьнца цхьаъ дІавижахь, йоІах богІу мах дІа а белла, иза яло еза цу стага. Ткъа нагахь йоІан да цуьнга иза яхийта реза ца хилахь, йоІах томана богІу мах дІабала беза. тІаккха оцу йоІаца хиллачо цуьнан дена шовзткъе итт шекхал дети дала деза, ткъа иза цуьнан зуда хила еза, цо иза сийсазъяьккхина дела. Ша мел веха, оцу зудчух дІакъаста дихкина ду оцу стагана. Шаула элира: «ДІаала Дауде: „Паччахьна шен йоІах кхин там ца оьшу, бІе вийна пІелаштамхо бен. Уьш байа а байина, сунт а бина, уьш хадош дисина чкъоьрнаш суна схьада. Иза паччахьан мостагІашна бекхам хир бу“». Цо и тайпа къамел даран бахьана Дауд пІелаштамхойн карахула хІаллакван гІертар дара.
Выбор основного перевода