Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибраман а, ЛутІин а Іуй вовшашца къийса буьйлабелира. Ткъа цигахь, цул сов, цу хенахь бехаш канаІанхой а, перезахой а бара. Дишонан кІентий: Хьемдан, Эшбан, Итран, Керан. Эцаран кІентий: БилхІан, ЗаІван, Іакхан. Церан кхеташонна юкъа а гІур вац со, церан гуламе а гІур вац, хІунда аьлча оьгІазаллица нах байина цара, хазахетархьама стерчийн когийн пхенаш хедийна. Цу шинга цара элира: «Везачу Эло кхел йойла шуна аша пирІунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха тхан сий дайарна. Церан кара тур делла аша тхо дайийта». ЮшаІа элира: «Ахь тхуна бохам бина дела, Везачу Эло тахана бохам хьуна а бо». Берриг а исраилхоша, тІулгаш а кхиссина, Іахан а, цуьнан доьзал а хІаллакбира. Юха уьш а, церан бахам а цІергахь багийра цара. Исраилан халкъана Шаула пІелаштамхойн эскаран тоба эшийнийла а, Исраилан мохк церан луьра мостагІа хилла дІахІоьттинийла а хиъча, халкъ Шаул волчу Галгал-гІала схьагулделира. Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гІаж санна, боьха хетийла хиъча, Іамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гІашло волу арамхо лецира. МаІхин паччахь волчуьра – цхьа эзар стаг, ткъа ТІобера шийтта эзар стаг лецира. Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кІезиг а болуш, уьш махкахь тІебаьхкина Іаш хилла.
Выбор основного перевода