Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кІант вира цо. Цуьнан цІе цо ШимІа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кІант велла». Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кІант вира Леас. Цо цуьнан цІе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХІинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кІант ма вина цунна». Цул тІаьхьа Леас йоІ йира, цуьнан цІе цо Дина тиллира. ШимІа а, Леви а вежарий бу. Шайн таррашца нахана ницкъ бо цара. Церан кхеташонна юкъа а гІур вац со, церан гуламе а гІур вац, хІунда аьлча оьгІазаллица нах байина цара, хазахетархьама стерчийн когийн пхенаш хедийна. НеІалт хилла ю церан оьгІазалла, хІунда аьлча иза буьрса йолу дела, неІалт хилла ду церан дералла, хІунда аьлча иза къиза долу дела. Якъубан тІаьхье йолчохь царна латта хир дац, ас дІасакхуьссур бу уьш берриг а Исраилан махкахула.
Выбор основного перевода