«Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоІ ю со», – аьлла, жоп делира Ребикхас.
Ребикхин Лабан цІе йолуш ваша вара. ЙоьІан дешнаш а хезна, цуьнан карахь чІуг а, ши хІоз а гина, араиккхина, шовда долчу дІахьаьдира иза. И стаг шен эмкалшна уллохь гІу йолчохь лаьтташ вара.