Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин а тІетуьйхира Везачу Элан Малико: «ХІажар, хьо хІинца доьзалхочух ю, хьан кІант хир ву. Ахьа цуьнан цІе ИсмаьІал туьллур ю (иза „Далла хеза“ бохург ду). Везачу Элана хаза ма хезара хьуна ницкъ беш. Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахІиман Дела а ца хиллехь, ахь со хІумма а ца луш дІавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со». Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. Оха тхайн дайн Дела волчу Везачу Эле маьхьарца дийхира. Тхан мохь Везачу Элана дІахезира. Цунна гира оха бала хьегар а, тхан хала белхаш а, тхуна еш йолу гІело а.
Выбор основного перевода