Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Ибрама элира ЛутІе: «Товш дац вайшинна а, вайн Іуьнашна а вовшашца къийсадала, хІунда аьлча вай вежарий ду. ЛутІа дІалаьцна ву аьлла хезча, шен хІусамехь кхиъна волу кхо бІе берхІитта ялхо герзашца кеч а вина, Дан-гІали тІекхаччалц мостагІа эккхийна вахара Ибрам. МостагІаша дІабаьккхина хилла болу бахам а, зударий а, ялхой а, шен бахамца цхьаьна ЛутІа а – дерриг а юхадерзийра Ибрама. Сихха дІа а яхана, Ребикхас шен цІахь болчаьрга дийцира хиллачух лаьцна. Лабана элира: «Марша вогІийла тхо долчу, Везачу Эло декъалвинарг! Хьо хІунда лаьтта кхузахь, арахь? Ас хьуна чоь а, хьан эмкалшна меттиг а кечйина». Амма Іесав, Якъубана дуьхьал а ведда, иза мара а воьллина, барташ даха хІоьттира. И шиъ вилхира.
Выбор основного перевода