Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Адам Іедан-бешара дІаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама. «Шехем-гІалин къаношка хатта: шуна хІун лаьа: „Яруб-БаІалан кхузткъе итт кІанта олалла дойла лаьа шуна, я цхьаьнга олалла дайта лаьа? Абу-Малик шайн цІийх схьаваьлла хилар диц а ма де“». Исраилан халкъан массо а тайпанашкара болчу наха, Дауд волчу Хьевроне а баьхкина, цуьнга элира: «Тхо хьан са а, цІий а ду. Шу сан вежарий ду, сан даьІахкаш а, сан дилха а – шу ду. ХІунда гІерта шу паччахь юха цІа валочу хенахь тІаьххьарнаш хила?“ Іамасаига а дІаала: „Хьо сан гергара вуй те? Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса хьо, дерриг а эскарна тІехь хьаькам а вина, сайна улло, Йоабан метта, гуттаренна а дІа ца хІоттавахь!“»
Выбор основного перевода