Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла хезира кІант ша Іуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХІажаре: «ХІун хилла, ХІажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кІант воьлхуш. Яха а гІой, куьг а лаций, дІавига иза. Ас доккхачу халкъан да вийр ву цунах». Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахІим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахІим!» «Со кхузахь ву», – аьлла, жоп делира ИбрахІима. Юха а ИбрахІиме стигалара кхайкхира Везачу Элан Малик: Делан малико элира соьга гІенах: „Якъуб“. Ас жоп делира: „Со кхузахь ву“, – аьлла. НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахьа дІа а вахана, Кхадеш-гІалина а, Шур-гІалина а юккъехь ваха хиира ИбрахІим. Цул тІаьхьа ГІарар-гІалахь Іийра иза.
Выбор основного перевода