Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хезира ахьа ИсмаьІалан цІе йоккхуш. Аса иза декъалвийр ву, цуьнан дукха тІаьхьенаш хир ю. Шийтта сийлахьчу элан да хир ву иза, цунах схьадер ду доккха халкъ. Саратан ялхочо, мисархочо ХІажара ИбрахІимна винчу кІентан ИсмаьІалан тІаьхье хІара ю. Иштта ю церан цІераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тІаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам, МишмаІ, Дума, Маси, Хьадид, Тейма, Етар, Напуши, Къедима. Уьш ИсмаьІалан кІентийн цІераш ю. Шийтта тайпанан баьччанийн а, уьш баьхначу меттигийн а цІераш а ю уьш.
Выбор основного перевода