Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан тІаьхьенаш Хьавил-лаьтта тІера Шур-гІалина тІекхаччалц ехаш яра. Мисар-мехкан дозанца йолу Шур-гІала Ашур-махка боьдучу новкъахь лаьттара. Шайн вежаршца бертахь а боцуш, бехаш бара уьш. ПаргІатоне кхача хьан дІахецна акха вир, цунна тІера буржал хьан дІадаьккхина? Ас эрначу аренах цуьнан цІа дина, дуьрачу аренах цуьнан хІусам йина. Иза йоьлу дукха адам чохь долчу гІалин гІовгІанах, цунна ца хеза гурманчас еш йолу хичаш. Гунаш тІехула йолалой, шена юург лоху цо, баьццара мел йолчу хІуманна тІаьхьаяьлла лела иза.
Выбор основного перевода