Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІоршамечу стага девнаш доху, ткъа собаре волчо дов дохадо. Къовсаваларх ларвалар – лараме хІума ду, ткъа муьлхха а сонта стаг къовсавала кийча ву. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Мел дика а, тамехь а ду динан вежаршна бертахь цхьаьна баха! ШолгІачу дийнахь Мусана гира вовшахлеташ волу ши исраилхо. Царна юкъахь бартбан гІоьртира иза: „Шу вежарий ма ду! ХІунда лета шу вовшах?“ Шуна шайна юкъахь къийсамаш хилар а кІорга эшар ду шуна. Нагахь шайна цхьа харцо йинехь а, Іад хІунда ца Іа шу? Шайна цхьа эшам хиллехь а, Іад хІунда ца Іа шу?
Выбор основного перевода