Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта яра Мусас латта талла хьажийначу нехан цІераш. Нунин кІантана ХІушаІана, ЮшаІ аьлла, цІе тиллира Мусас. Шаьш Паран-яьссачу арахь долуш, дІахьажийра Мусас и нах канаІанхойн латта муха ду хьажа. Мусас цаьрга элира: «НегІаб-яьссачу аренгахула а гІой, лаьмнаш тІе довла. Цигара латта муха ду а хьовса, цу тІехь дехаш долу халкъ муха ду а талла: иза ницкъ болуш ду я дац, дукха ду я кІезиг ду? И халкъ дехаш болу мохк муха бу а хьовса: иза хаза бу те я декъаза бу те? Церан гІаланаш муха ю а хьовса. Халкъ четарш чохь Іаш ду я дика чІагІйинчу гІаланаш чохь дехаш ду талла. Латта муха ду а хьовса: токхе ду я ледара ду? Цигахь дитташ ду я дац хьовса. Даггара гІерталаш, шаьш юхадоьрзуш цу махкахь кхуьуш болу стоьмаш шайца схьабалаш». (Ткъа иза кемсаша стом луш йолу зама яра.) Цара, дІа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Іинна юххехь йолчу Рахьуб-гІалина тІекхаччалц и мохк теллира. Меттамотт болчуьра дІа а бахана, НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гІала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Іаьнакхан тІаьхьенах йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гІала яра Мисар-махкарчу ЦоІан-гІаланал ворхІ шо хьалха дІахІоттийна. Уьш Ашкул цІе йолчу тогІи чу баьхкира. Цигахь, дІаса а хьаьжна, кемсийн таьллангана тІера кемсийн хорха тІехь йолу га хадийра цара. И га гІуркхана тІе дихкира, ткъа гІуркх шина стага хьалаайина дІабаьхьира. Иштта наран а, инжиран а диттийн стоьмаш а схьаийцира цара.
Выбор основного перевода