Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Іедан цІе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра. Уьш гІалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХІинца довда, шайн синош кІелхьардаха! ГІалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогІи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дІагІо, довдий. Нагахь совцахь, гІалица цхьаьна хІаллакьхир ду шу!» Амма ЛутІас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогІар. Соьца, шайн ялхочуьнца, чІогІа лараме ду шу. Аша сан дахар кІелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДІа а ца кхиъна, вала там бу со. Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гІала ю, цига вахийтийша со. Цига дІакхаьчча, кІелхьарвер вара со, иза жима гІала ма ю». Малико элира ЛутІе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гІала, амма сиха дІавада цига, хІунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гІала йохо йиш яц сан». (Цу гІалин цІе «Жиманиг» (Іебархойн маттахь «ЦІоІар») тиллира, ЛутІас иза жима ю аьлла дела). Малх хьалагІаьттинера, ЛутІа ЦІоІар-гІали чу кхочуш. Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Везачу Эло хІаллакйира цигахь йолу гІаланаш а, ерриг тогІи а, дерриг ораматаш а, цу гІаланашкахь Іийна дерриг адамаш а. ЛутІагІар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тІулг хилира. Цу дийнахь Іуьйрре гІаьттина, Везачу Элана ша хьалха хІуттучу метте вахара ИбрахІим. Лаха, тогІи чу, хьаьжначу ИбрахІимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кІур гира. Ша тогІи чуьра гІаланаш йохош, Шена ИбрахІим дагахь волу дела, уьш йохале, цу гІаланашкахь Іаш волу ЛутІа араваьккхира Везачу Эло. Седаман а, Іаморан а, Удаман а, ЦІабаймин а, (хІинца шех ЦІоІар олучу) БулаІан а паччахьаш цхьаьна а кхетта, шайн мостагІашца тІом бан Сидим олучу тогІи чу биссира. НегІаб-аре а, шех палманийн гІала олу Ерихон тІехь лаьтта тогІи а, ЦІоІар-гІалина тІекхаччалц болу мохк а гайтира Цо. Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тІехь дехаш долчу адамийн волла.
Выбор основного перевода