Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха а элира цуьнга Везачу Элан Малико: «Ас, тІаьхь-тІаьхьа дебош, ягар ца яллал дукха тІаьхье хуьлуьйтур ю хьан». цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тІаьхьенаш хир ю хьан, уьш дІасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тІаьхьенехула а декъал хир ду. Хьаьнга дагардалур дара чан санна дукха долу Якъубан халкъ? Исраилан халкъан доьалгІа дакъа а хьаьнга дагардалур дара? Делан лаамехь волчун санна дІакхалхар хилахьара сан а! Цу халкъан санна чаккхе хилахьара сан а!» Цундела цхьа ког коша а бахана волчу стагах схьабевлла, стигалара седарчий а, хІордан берда тІера гІум а санна, дукха нах.
Выбор основного перевода