Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хІуманашна тІехь: хи чуьра а, лаьтта тІера а дийнаташна тІехь а, лаьттан текхаргаш тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге лаьтта тІехь а». Везачу Дала элира: «ХІинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХІинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тІера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш». Царна дагахь а дацара Юсуп шайх кхеташ хилар, хІунда аьлча цо цаьрца къамел гочдархочуьнгахула дора. Везачу Эло элира: «Стагана мотт белларг мила ву? Мотт ца хууш я къора, я са гуш, я бІаьрзе веш верг мила ву? Со – Веза Эла вац? ХІунда аьлча тамашийначу маттахь къамел дечо адамашка ца дуьйцу, цо Деле дуьйцу. Цо дуьйцучух цхьа а ца кхета, ткъа иза Делан Синехула къайленаш юьйцуш ву. Цундела суна оцу меттан маьІна ца хиъча, кхечу къомах волуш санна хир ву со и буьйцуш волчунна, ткъа и мотт буьйцург кхечу къомах верг санна хир ву суна.
Выбор основного перевода