Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто. Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш. «ХІинца чул тІаьхьа кибарчигаш ечу нахана ча ма ло, хьалха деллехь а. Ара а бовлийтий, шайга лахийта цаьрга ча. Хьалха санна кибарчигаш яйта цаьрга. Уьш дукха мало еш бу, цундела доьху соьга: „Дахана, тхайн Далла сагІа доккхур дара оха“, – бохуш. Алссам болх ло царна, эрна къамелаш схьа а ца лоьцуш, цаьрга болх байта». ТІехьовсуш болчу наха элира халкъе: «ПирІуно шуна кибарчигаш ян ча ма ло боху. Даха а гІой, шайна карийнначуьра ча да. Кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша». Берриг а Мисар-махкахула арахь дисина ча лаха арабевлира исраилхой. ТІехІиттина болчара хьалха, ча долчу хенахь еччул, хІора дийнахь кибарчигаш е бохура цаьрга. ПирІунан хьадалчаша исраилхошна юкъара хаьржинчу белхан куьйгалла дечу нахана еттара: «Хьалха йинччул, селхана а, тахана а кибарчигаш хІунда ца йо аша?» – бохуш. Оцу исраилхоша, пирІунна тІе а баьхкина, арз дира: «Хьайн лешна иштта ницкъ хІунда бойту ахь? Ча ца ло хьан лешна, ткъа кибарчигаш е боху. ТІехІиттина болчара тхуна етта, амма бехке хьан халкъ ду». Амма пирІуно элира: «Шуна болх бан ца лаьа, аш мало йо, цундела боху аша: „Везачу Элана сагІа даккха гІур ду тхо“. ДІа а гІой, болх бе. Ча шуна лур дац, кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша». «ХІора дийнахь ян еззачул кибарчигаш йийр ю аша, церан дукхалла лах а ца деш», – бохучу дешнашца шайна тІебеана бала гира исраилхошна. ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира цо.
Выбор основного перевода