Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шимин кІентий бара: Іейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кІентий бара: ІуцІа, Хьула, ГІетІар, Машах. Арпахшадан кІант вара Селахь, ткъа Селахьан кІант вара Іебар. Іебаран ши кІант вара: цхьана кІентан цІе ПалагІ яра, хІунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тІехь адам декъадалар а, дІасадаржар а хилира. ПалагІан вешин цІе Якхтан яра. Якхтанан кІентий бара: Алмадад, ШалапІ, Хьацармават, Ярахь, ХІайдарам, Узал, Дикхалла, Іейбал, Абумаил, Шеба, Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кІентий бара. Ткъа Шимин кІентий хилла: Арпахшад, Селахь, Іебар, ПалагІ, Рахьу, СерагІ, Нахьир, ТІахьир, Ибрам, цуьнан кхин цІе ИбрахІим ю. Шимин кІентий бара Іейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам.
Выбор основного перевода