Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шимин кІентий бара: Іейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кІентий бара: ІуцІа, Хьула, ГІетІар, Машах. Арпахшадан кІант вара Селахь, ткъа Селахьан кІант вара Іебар. Іебаран ши кІант вара: цхьана кІентан цІе ПалагІ яра, хІунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тІехь адам декъадалар а, дІасадаржар а хилира. ПалагІан вешин цІе Якхтан яра. Якхтанан кІентий бара: Алмадад, ШалапІ, Хьацармават, Ярахь, ХІайдарам, Узал, Дикхалла, Іейбал, Абумаил, Шеба, Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кІентий бара. Ткъа Шимин кІентий хилла: Арпахшад, Селахь, Іебар, ПалагІ, Рахьу, Амрапал ШанІар-мехкан паччахь вара, Арихан Эласар-мехкан паччахь вара, Кедирал-Іумар Іейлам-мехкан паччахь вара, ткъа Тида-Іела Гойим цІе йолчу къоман паччахь вара. Уьш тІом беш бара Іейламарчу паччахьца Кедирал-Іумарца а, гойимхойн паччахьца Тида-Іелица а, ШанІар-махкарчу паччахьца Амрапалаца а, Эласар-махкарчу паччахьца Ариханца а. Виъ пхеанна дуьхьал. Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигІлат-Палиасара, схьа а веана, Іаюн, Абал-Байт-МаІак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гІаланаш, иштта ГалІад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дІалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дІакхалхийра цо. ХІара ду Шимин тІаьхьенах хилларг. Дала хІокху дуьненна тІера массо а хІума, адам хІаллакдеш даийтина хи дІадаьллачул тІаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бІе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кІант Арпахшад хилира. Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара.
Выбор основного перевода