Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилхошка, тІе а дуьллуш, иштта дІаала: „КанаІан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хІорш ду: къилбехьа агІор долу шун доза дІадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хІордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дІагІур ду. Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Іинна тІе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьІа цІе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гІала а деана, Іацмун-гІалахула чекхдер ду. Іацмунера иза дІагІур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тІе, цигара Дуьненаюккъера хІорда тІе а кхочуш. Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хІорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду. Къилбаседехьа долу шун доза дІагІур ду Боккхачу хІорда тІера ХІор-ломана тІе кхаччалц. ХІор-лома тІера иза Хьамат-Іине кхачийта, Цедад-гІалина тІе а кхачош. Цигара Зипрун-гІалина тІекхаччалц дІагІур ду и доза, Хьацар-Іейнан-гІалина тІе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза. Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Іейнан-гІалина тІера Шипам-гІалина тІекхаччалц. Шипам-гІалина тІера, Іейн-гІалина малхбалехь йолчу Рабила-гІалина тІекхочур ду и доза. Цигара дІа иза Канарот-Іоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду. Цул тІаьхьа иза Йордан-хинехула дІагІур ду Дуьрачу хІордана тІекхаччалц. Массо а агІор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“».
Выбор основного перевода