Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Япатан кІентий бара: Гомар, МагІогІ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. Гомаран кІентий бара: Ашкиназ, РипІат, ТогІарма. Яванан кІентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Роданам. Соьга Везачу Элан дош кхечира: «Адаман кІант, Машах а, Тубал а цІераш йолчу меттигийн МагІогІ-махкарчу коьрта эла волчу ГІогІехьа дІа а верзий, цунна дуьхьал вистхила. Соьгара болу хаам а беш, дІаала цуьнга: „Везачу Эло иштта боху: ‘Ва ГІогІ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла волчу хьуна дуьхьал ву Со! Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мІерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а – кхоччуш тІамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТІемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш. Парсихойн а, хушахойн а, пІатІахойн а тІемалой а хир бу цаьрца, шайн турсашца а, гІемашца а. Иштта шен эскарийн тобанашца волу Гомар а, кхин а генарчу къилбаседехьара схьавеана волу а, шен эскарийн тобанашца волу а Байт-ТогІарма а хир ву цаьрца. Дуккха а къаьмнаш хир ду хьоьца.
Выбор основного перевода