Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІетахь Везачу Эло Левин тайпа дІакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тІорказ дІасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гІуллакх дайтархьама а, Цуьнан цІарах декъалдарш дІакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хІинца а иштта схьадогІуш ду. Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тІеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тІелаца цунна ца лаахь, ас тІелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо! ХІинца дІайижа сахиллалц». Лаьтта догІа ца догІу кхоалгІа шо долуш, Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхІуга: «Хьо, ваха а гІой, Ахьаб-паччахьна гучувала, тІаккха Аса догІа доуьйтур ду лаьтта тІе». Эли-ЯхІус жоп делира: «Шена гІуллакх деш волчу массо а ницкъийн Везачу Делах чІагІо йо ас, со тахана, цунна тІе а вахана, дІахІуттург хиларх». ЭлишаІ-пайхамаро элира: «Шена ас гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а массо а ницкъийн Везачу Элах чІагІо йо аса, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти айса лоруш вацахьара, со хьо волчу агІор хьожур а вацара, хьо ган а луур дацара суна аьлла. Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхІу-пайхамаран заманахь дукха бисина Іаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догІа а ца деана, мацалла хІоьттинера берриг а махкахь. Эли-ЯхІу вай санна стаг вара. Цо, догІа ма даийта аьлла, чІогІа доІа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тІе догІа ца деара. Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дІакхайкхочу деношкахь лаьтта тІе догІа ца даийтархьама, стигал дІакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цІий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дІасадаржо.
Выбор основного перевода