Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». Сулим-паччахьан го иштта бара: динан да волчу ЦІадукъин кІант Іазар-ЯхІу; Шайшаан кІентий Элихьорап а, АхьъяхІу а – уьш бара кехаташ яздархой; Ахьлудан кІант ЯхІушапти, пачхьалкхан гІуллакхех лаьцна яздархо; ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу, эскаран хьаькам волу; динан дай болу ЦІадукъа а, Абу-ЯтІари а; Натин кІант Іазар-ЯхІу – иза мехкадайн куьйгалхо вара; Натин кІант Зубади – иза динан да а, паччахьан юххера хьехамча а вара; Ахьишар – иза паччахьан цІентІехь хьаькам вара; Іабдин кІант Адунурам, беза белхаш бойтучу нахана тІехь куьйгалхо волу. Берриг а Исраил-махкана тІехь Сулим-паччахьо дІахІоттийна шийтта мехкада вара. Цара сурсаташ дІакхачадора паччахьна а, цуьнан цІенна а. Царах хІораммо а шеран цхьана баттана догІу сурсаташ латто дезара.
Выбор основного перевода