Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, кІантана тІе а вахана, цунна тІехула дІаса а ваьржина, охьавижира ЭлишаІ. Цо шен бат кІентан бетана тІе, шен бІаьргаш цуьнан бІаьргаш тІе, шен кераяккъаш цуьнан кераяккъаш тІе ехкира. КІентан дегІ дохделира. ЭлишаІ, хьала а гІаьттина, дІа а, схьа а волавелира. Цул тІаьхьа, юха а кІантана улло а вахана, цунна тІехь дІасаваьржира ЭлишаІ. ТІаккха кІанта, ворхІазза хьоршам а тоьхна, шен бІаьргаш дІабиллира. Чувоьссинчу ПахІала, тІе а кхетта, иза мара а воьллина, элира: «Са ма гатде аша, иза денвелла», – аьлла.
Выбор основного перевода