Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цул тІаьхьа Маннаша Даудан гІалин арахула болу пен юхаметтахІоттийра. Гихьон-хина малхбузехьа долчу Іинан тІехула ЧІерийн ков олучу меттехула а, Іупал-гІалин гонах, леккха хьала а боккхуш, юхаметтахІоттийра цо гІалин пен. ЯхІуд-махкарчу чІагІйинчу массо а гІаланашкахь тІеман коьрта хьаькамаш дІахІиттийра цо. Іупалахь Іаш а болуш, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а Хин кевнан малхбалехьа долу пенан дакъа тодира, пенна тІера арайолучу бІаьвнна тІе кхаччалц. Царна тІехьа, пенна тІера арайолучу йоккхачу бІаьвнна тІера Іупалан пенна тІе кхаччалц долу важа дакъа такхоІхоша тодира. Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш Ярушалайман цхьа дакъа долчу Іупалахь бехаш хилла. Царна тІехь хьаькамалла лелош Цихьа а, ГІишпа а хилла.
Выбор основного перевода