Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла. Нагахь аса, шун гІуллакх дохорна а доцуш, ткъа иза тодархьама, Везачу Эло тхайна деллачу олаллех долу дозаллаш кхин а совдаьхна хилча а, тІаккха а юьхьІаьржачу хІуттур вацара со. И бохуш волчунна хаа деза, тхо шуна юкъахь доцчу хенахь тхайн кехаташ тІехь оха яздеш дерг а, тхо шуна юкъахь долуш оха ден дерг а цхьаъ дуйла. Айса дозалла дан дезахь, сайн гІорасиза хиларх дозалла дийр ду аса. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гІорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тІаьхьабовларна а, цатемашна а, хІунда аьлча со гІорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода