Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хІунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Іанийна. Шен КІантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца, уьйр хила шу тІекхайкхина волу Дела тешаме ву. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа ас чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу. Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахІуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тІекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун?
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода