Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Шина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. Нагахь санна муьлхха а къа латорна тІехь я зулам дарна тІехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чІагІдийр дац Амма цо хьоьга ла ца догІахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хІунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чІагІдийр ду“. Нагахь Ас кхел еш елахьара, Сан кхел бакъ хир яра, хІунда аьлча Со цхьаъ вац, амма Со ваийтина Да а ву Соьца. ХІинца кхозлагІа а шу долчу ван кийча ву со. Аса бала бийр бац шуна сайх. Шуьгара хІумма а ца доьху аса, ткъа шу лоьху. Бераш дац шайн дена-нанна бахам бан дезаш, амма дас-нанас шайн берашна бан беза иза. Динан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тІе ма лаца. Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь.
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода