Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дІа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Іайтархьама. Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай делла хилча, вай теша, Цуьнца цхьаьна ваьш дехар долуш хиларх а. Тхо гІорасиза долчу хенахь, шу ницкъ болуш хиларна даккхийдеш ду тхо. Оха Деле доІанаш до, шун кхоччуш кхиар хилар доьхуш. Мелхо а, Шен возалла дІа а тесна, лен васт тІе а эцна, адамах тар а велла, тІехьаьжна а адам хилла Иза. Іожаллина тІекхаччалц Далла муьтІахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖІара тІехь Ша валлалц, муьтІахь висира Иза. ХІунда аьлча къинош летийна долу шу Далла тІе дерзорхьама, Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш, Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина. Цуьнан дегІ дийнера, амма Са дахаре юха далийнера.
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода