Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Оцу муьрехь Везачу Элан некъана дуьхьал дуккха а адамийн карзахдовлар хилира. Дамарти цІе а йолуш, цхьа дато пхьар вара Іаш. Цо детих Артеми цІе йолчу цІунна лерина кегийра цІенош дора. Цо а, цуьнан накъосташа а бечу балхо царна дуккха а пайда хуьлуьйтура. Дамартис, шен накъостий а, кхин пхьераш а гулбина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, вайн белхах вайна дика пайда хуьлийла. Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахІала хІокху Эпас-гІалахь хилла ца Іаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш. Вайна хІоьттина болу кхерам, хІара вай беш болу болх нахана дош ца хетар хилла ца Іа. Вайн сийлахьчу зуда-делан Артемин цІа хІумма а доцург хир ду, ткъа цуьнан шен а, ерриг а Асиа-махко а, дуьнено а лоруш йолчу, сийлалла довр ду». И къамел а хезна, оьгІазбахана уьш маьхьарий хьекха хІиттира: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш. Ерриг а гІала карзахъелира. Адамаш гІалахь нах гуллучу метте – театре дІахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахІалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна. ПахІал нах гулбеллачу метте ваха лууш вара, амма мурдаша ца вахийтира иза. Шуна тІедеана долу зер массо а адамна тІехІуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тІехІотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама. Нагахь Эпасехь со адамийн сатийсарца бен «акхаройх» таса ца велча, суна хІун пайда хир бара? Нагахь беллачийн денбар хуьлуш ца хилча, тІаккха: «Юушший, молушший Іей вай, кхана вай лийр долу дела!»
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода