Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
qac Чqac*ІогІа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а, амма массо а халонех Везачу Эло иза кІелхьарвоккхур ву. Кийрахь со гІайгІане волчу хенахь, Ахьа бинчу синхьаамо сан дог синтеме далийра. Амма Шена муьтІахь болчарна синтем луш волчу Дала, Тита схьа а кхачийна, тхан синош паргІатдехира. И синтем хилар, Тита схьакхачарна хилла а ца Іаш, аша цуьнан догъэцарна а дара. Цо дийцира, шу тхо ган лууш хиларх а, шайгара мел даьллачунна шу дохкодовларх а, со ларван шу кийча хиларх а лаьцна. Цундела со кхин а чІогІа дог айаделла вара. Цундела тхуна синтем хилира. Тхуна, синтем хилла а ца Іаш, кхин а доккха хазахетар хилира Титин хазахетар бахьана долуш, аша массара а цуьнан са иракарахІотторна.
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода