Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Динан вежарий, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа а, Делан Сино вайна вовшашка луш болчу безаман дуьхьа а аса доьху шуьга соьца цхьаьна суна тІера Деле чІогІа доІанаш дар. Оха и дерриг а шун дуьхьа деш ду. Ткъа иза а деш, Делан дика дуккха а адамашна дІакхочу, Делан сийлаллина Далла боху баркаллаш алсам а довлуьйтуш. Муьлххачу а хенахь Делан Синан гІоьнца доІанаш делаш, массо а тайпана доІа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тІера кхидІа доІанаш а делаш. Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш. ХІунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доІанашца а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Синан гІоьнца а со паргІатвалийта суна диканна дуйла. Динан вежарий! ДоІанаш делаш тхуна тІера.
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода