Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал хила тІекхайкхийнчу ПахІала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хІара кехат. Нагахь шу долчу Тимапи вагІахь, цунна цхьанна а агІор кхерам ца хилийта хьовсалаш, хІунда аьлча цо дийриг а, ас ма-дарра, Везачу Элана лерина гІуллакх ду. Цундела цхьа а цунах ца вешаш ма хилалаш. ТІаккха иза гІоза-маьрша новкъа ваккха, со волчу ван цуьнан таро хилийтархьама. Иза кхечу динан вежаршца цхьаьна схьаваре хьоьжуш ву со. ХІара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахІала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дІахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Іийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а. Дала леррина къобалвинчу Іийсан ялхоша, ПахІала а, Тимапис а, яздо Пилап-гІалахь Іаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гІайгІабийраш а, динан куьйгалхойн гІоьнчаш а болчаьрга. Делан лаамца Цо леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, динан вашас Тимапис а яздо Со, ПахІал, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КІелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсас а.
2. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода