Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Иоанна
1
Параллельные места
Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь чІогІа мохк бегор бу, мацалла а хир ю. Иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. ХІу дІадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Іалашо ю. ХІоранна а, динчу гІуллакхе хьаьжжина, цунна доггІург дІалур ду. Нагахь санна цхьаммо дина долу гІуллакхаш, цІеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгІат хир ду. Сан хьоме динан вежарий! ЧІагІлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гІуллакхех дуьззина хилалаш, хІунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гІуллакх эрна довр доцийла. Кхоьру со, аса шуьца мел хьегна къа эрна хиларна. Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тІаьхьа, шу, чІогІа баланаш а лайна, чекхдевлира. Шаьш лан дезар долчу цхьана а хІуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТІаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дІадовллалц тешаш хилалаш, тІаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду. Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’. Кестта вогІур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дІа ца даккхийта.
2. Иоанна
1
Выбор основного перевода