Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Иоанна
1
Параллельные места
хІунда аьлча Везачу Элан дош ду соьга: „Эццахь бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь, хьо дІаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“», – аьлла. Доггах, маршалла хатта вовшашка. Маьрша хуьлда шу Дала леррина Къобалвинчуьнца долу дерриш а. Динан вежарий, аса чІогІа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гІертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна. Ткъа аса шуьга яздинарг хІара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цІушна Іамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тІекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа. Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? ХІун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХІун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь? ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу». Стом ца лучу боданечу гІуллакхашна юкъа ма гІерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш. Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Іийсан цІарах весет до оха, аша тхоьгара тІеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дІакъаста аьлла. Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Іадвита, Цундела вай, динан вежарша, ишттачу нахана оьшшург дІадала деза, вай ваьш а бакъдолчун дуьхьа цара дечу гІуллакхийн декъахь хилархьама. ТІаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гІали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.
2. Иоанна
1
Выбор основного перевода