Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Иоанна
1
Параллельные места
ХІинца керла гІуллакх тІедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн. ХІара ду Ас шуна тІедуьллург: „Дезийла шуна вовшийн, Суна шу дезадаларе терра“. Ткъа хІара тІедуьллу Ас шуна: вовшийн дезалаш». Дала леррина Къобалвинчо тІедиллинарг кхочушдархьама, дахаран мохь базбелча, вовшашна гІо де. Сан хьоменаш! Ас шуьга яздийриг керла парз дац – иза, баккъалла а аьлча, шира парз ду, юьхьанца дуьйна а шуна Дала делла долу. Шира парз – Дош ду, шуна хезна долу. Шайна юьхьанца дуьйна хезнарг даим а латтаде шайн даг чохь. Нагахь санна иза иштта хилахь, Делан КІантаца а, Цуьнан Деца а йолу шун уьйр даим а лаьттар ю. Юьххьехь дуьйна а вайна кхайкхийна болу хаза кхаъ вай вовшийн дезаш хила деза аьлла бу.
2. Иоанна
1
Выбор основного перевода