Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Иоанна
1
Параллельные места
УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла. Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Іийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тІе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву – стигалара Да а, Делан КІант а тІе ца лоцу цо. Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХІунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина. Делан Са иштта къасталур ду шуьга: Дала леррина къобалвина Іийса, адам санна, веана хилар къобалдо са – Делера ду. Ткъа Іийса къобалвеш доцу са – Делера дац, иза – Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал волчун са ду. Шуна хезна, иза догІур ду аьлла, иза хІинцале а долуш а ду дуьнен чохь. Иштта суна гира лаьттан кийрара схьадолу кхин а цхьа экха. Цуьнан, Іахаран санна, ши маІа яра. Цо, саьрмико санна, къамел дора. Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгІачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тІехь дехачу адамашка, а Іожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Іибадат дайтира. Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тІе цІе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха. ШолгІачу экхано вукху экханна хьалха Іаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Іехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тІедуьллура, туьрах Іожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тІедиллийтар. ШолгІачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хІора оцу экханан суьртана хьалха Іибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а. ШолгІачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цІеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргІат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тІе я хьаьжа тІе мухІар таІор тІедиллира. Цу экханан мухІар таІийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хІумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухІар тІехь цу экханан цІе я цуьнан цІеран терахь дара. ТІаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин.
2. Иоанна
1
Выбор основного перевода