Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Уьш кхаж тасарца тобанашкахь дІасабийкъира, хІунда аьлча Далла хьалхахь а, Цуьнан цІа чохь а гІуллакх дан дІахІиттийна баьччанаш ЭлиІазаран а, Итамаран а тІаьхьенех хилла. Уьш дІаязбеш вара Натунаилан кІант ШамІа-ЯхІу. Иза левихойх схьаваьлла йозанча вара. Паччахьна а, баьччанашна а, динан дена ЦІадукъина а, Абу-ЯтІарин кІантана Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха уьш дІаязбеш вара ШамІа-ЯхІу. Кхаж тосучу хенахь, цкъа хьалха цхьа доьзал ЭлиІазаран тІаьхьенах, тІаккха Итамаран тІаьхьенах схьахоржура цара.
Выбор основного перевода